Украино дIахьедина, ГIалгIайчоьнан дIакъаста бакъо хиларх | МАРШОНАН ПОДКАСТ #52
Listen now
Description
КъорIан дагорна кхел кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь Журавель Никитина, дуьненахь акцеш дIайаьхьна лачкъийначу Сулейманова Седигахьа, Сочихь лаьцна Навальный Алексейн безамна зезагаш дохку тренер, ткъа Украино дIахьедина, ГIалгIайчоьнан дIакъаста бакъо хиларх - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 52-чу подкастехь.
More Episodes
Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь.
Published 05/31/24
Published 05/31/24
Нохчийчохь дIайаьхьначу рейдашкахь лецначарех цхьаъ кхелхина, мехкан Iедал чIагIдина Кадыровс даржашка шен нах хIиттош, цIера йеддачу нохчийн йоьIан дас ша иза кхин дIа а лоьхур йу аьлла – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 64-чу подкастехь.
Published 05/24/24