Episodes
Нохчийчуьура кхел дуьхьал йу Мусаева Зарема маьршайаккха, цуьнан могушалла дика йоццушехь; Кадыров Рамзана дуьхьалдIа эфир хIоттийна, йуха а къобалдина цо КъорIан дагорна бехкевечунна йеттар, ишта кхерамаш тесна мехкан урхалхочо спортхошна а, блогершна а "нохчийн гIиллакх-оьздангалла бехдарна". Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 41-чу подкастехь.
Published 12/15/23
Дубай конференци хьовсийна Кадыровн бераш, инарлаш бина Путина Украинехь тIом бинчу кавказхойх, бардан Муцураевн иллина тIехула дина таIзар – кхунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 40-чу подкастехь.
Published 12/08/23
Кадыров Адаман керла дарж, КъорIан дагорах лаьцна нохчийн имамашка хеттарш дар, ГIазза секторера Къилбаседа Кавказе баьхкина мухIажарш а – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршонан 39-чу подкастехь.
Published 12/01/23
ГIазза декъе орца хьежорах Нохчийчохь дIахьедар, ГIиргIазойчоьнан кхело нохчийн жимстаг Мовлаев Мансур пачхьалкхера араваккха сацамбар, камерашна хьалха нохчийн спортхойн йуьхьйахар - цунах кхиндолчух дуьйцу Маршо Радион 38-чу подкастехь.
Published 11/24/23
Эрмлойчохь лаьцначу 21 шо долчу гIалгIайн йоIах хилларг, Нохчийчохь рогIера совгIаташ, даржаш декъар, Политковская Анна йерна гунахь ву аьлла чувоьллинарг маьршаваккхар а - цунах кхиндолчух дуьйцур Маршо Радион 37-чу подкастехь.
Published 11/17/23
Белокиев Исламан 6-гIа бехктакхаман гIуллакх, 15 шо долчу нохчийн куьйгалхочун кIентан лаккхара дарж, вагнеровхой "Ахмате" дехьабовлар – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршонан 36-чу подкастехь.
Published 11/10/23
ХIинжа-ГIаларчу аэропортера къепедацарш, Нохчийчохь керла батальон кхоллар, КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавелан кхел йуха а дIататтар – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 35-чу подкастехь.
Published 11/03/23
Нохчийн юристана вен кхерам лаьттта, доьзалера гIелонах йеддачу ГIалгIайчуьра йоIана гIо дарна, Францихь кхиазхой бехкебина Израилан векалтана тIелата кечлуш хилла аьлла, UFC-н латархочунна Чимаевна кхоалгIа "Мерседес" йелла Кадыровс, ткъа мехкан урхалхочун кхиазхо волчу кIантана ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а лаккхара совгIаташ делла. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 34-чу подкастехь.
Published 10/27/23
ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францихь, Украинана дуьхьал тIемаш беш хилла Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а велларг пхи эзарал сов ву, шен пиаран дуьхьа Израилан а, Хамасан а тIамах пайдаоьцуш схьавогIу Кадыров– цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 33-чу подкастехь.
Published 10/20/23
Израилна, ХЬАМАСНА йуккъерчу тIамах Кадыровс дIахьедар, КъурIан дагорна лаьцначун гIуллакхера керланаш, Хорватехь биссина нохчийн мухIажарш – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 32-чу подкастехь.
Published 10/13/23
Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь йеттарна бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьал хиларх, Нохчийчохь хIусамехь гIело латторна йеддарг, Кадырова Iайшат –вице-премьер а, мехкан халкъан артист а йу. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 31-чу подкастехь.
Published 10/06/23
КъурIан дагорна лаьцначунна йеттина волу шен кIант хастийна Кадыровс, дIабохорах лаьцна дуьйцу книга йемалйина Нохчийчуьрчу Iедало, Чимаев Хьамзат Эмираташка дIавахана – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 30-чу подкастехь.
Published 09/29/23
Кадыров Рамзанан могушалла, "Ахмат" спецназехь даьлла дов, Нохчийчуьра ши министр сада1а вахийтар, республикера лаккхарчу хьаькамашна пачхьалкхан совг1аташ далар – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радионан 29-чу подкастехь.
Published 09/28/23
Хангошвили Зеламха вийнарг хийца гIерта Путин, Нохчийчохь лачкъийнчу Лапунов Максиман хьокъехь Европан кхелан сацам, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин хан лахйар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радионан хIора кIиранах арахоьцучу 28-чу подкастехь.
Published 09/15/23
Бакъоларйархойн Къилбаседа Кавказера хьолах рапорт, 13 шо долу кIант лачкъон адвокатана кхерамаш тийсар, КадыровгIеран доьзална декъна керла совгIаташ, бусулбанийн духаршна тIехула девнаш – цунах а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 27-чу подкастехь.
Published 09/08/23
Кадыровн Iаткъам а, Пригожин дIаволлар а, "Iазапашна дуьхьал Команда" арахьара агент ларар, Кадыровн кIанта "корматалла йолчу" ницкъахошлахь толам баккхар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 26-чу подкастехь.
Published 09/01/23
Iедалх ведда нохчо ГIиргIазойчохь лацар, кадыровхоша лачкъийна йоI, нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев лехамашка валар, – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 25-чу подкастехь.
Published 08/25/23
ХIинжа-ГIалахь хиллачу лелхийтарийн бахьанаш, кадыровхоша а, Украинера Оьрсийчоьнан комедатуро а герзаш кхийсар, Кадыровн кIанта йиттина шена аьлла, КъурIан дагийначо бина латкъам – цунах, кхиндолчух а Маршо Радион 24-чу подкастехь.
Published 08/19/23
Нохчийчохь Iазап лайначийн дийцарш, ЯнгулбаевгIеран гергарнаш Украине хьовсор, Кадыров Ахьмадна леринчу Казахстанерчу хIолламашна тIелатар дар, – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 23-чу подкастехь.
Published 08/11/23
Украинхойн дозанера кадыровхойн пиар-операци, Соьлжа-ГIалара дешархочунна полисхой тIаьхьабовлар, гIело латторах луьстучу гIуллаккхна йукъараваьлла суьдхо – цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 22-чу подкастехь.
Published 08/04/23
Нохчийн политикан гергарниг Украинерчу тIаме хьажийна Кадыровс, иллиалархочун Бакаев Зеламхин гIуллакхехь керла хаамаш гучубевлла – цунах лаьцна а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 21-чу подкастехь.
Published 07/28/23
Даймахка даьхкинчу нохчийн берашна герз кхийса Iамор, Кадыровн вешин кIантана орден йалар, Нохчийчохь тIом бина волу лакхара даржера эскархой вер – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 19-чу подкастехь.
Published 07/14/23
Журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а йиттича Iедалхошна хеттарг; дукха ваха ца лаьа Кадыров; дIахецна адвокат Идалов – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршонан 18-чу подкастехь.
Published 07/07/23
Оьрсийчоьнан къилбера Пригожинан гIаттаман тIаьхье, Дагестане вахана Путин, доьзалера ницкъбарх йеддачу нохчийн йоьIан кхоллам, Нохчийчуьра къоьлла. Цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 17-чу подкастехь.
Published 06/30/23
Кадыровн вешин кIанта нохчийн кегийрхошна кхерамаш тийсар, прокуратуро Мусаевина 5 шо хан хIоттор, Нохчийчуьра йолахо тIаме ваха цалаарна балхара дIаваккхарна тIетайна кхел. Цу дерригенах а, кхиндолчух "Маршо" радион 16-чу подкастехь.
Published 06/23/23